Синонимы на чеченском примеры

СДЕЛАЙТЕ СВОИ УРОКИ ЕЩЁ ЭФФЕКТИВНЕЕ, А ЖИЗНЬ СВОБОДНЕЕ

Благодаря готовым учебным материалам для работы в классе и дистанционно

Скидки до 50 % на комплекты
только до

Готовые ключевые этапы урока всегда будут у вас под рукой

Была в сети 28.04.2021 16:50

Гугуева Иман Дуквахаевна

Учитель чеченского языка и литературы; русского языка и литературы.

25 лет

рейтинг2 034
место20 041

Местоположение

Россия; Чеченская Республика, Гудермес

Дешнаш-синонимаш

Нажмите, чтобы узнать подробности

Синонимаш.

Алар, яздар къаьсташ ду,

Цхьана маь1нехь хуьлуш ду.

Мотт хазбан, и куьце бало

Оьшуш ду уьш юкъадало. (Эдилов С.Э.)

тарсал — цицхолг

чиркх — стогар

шовда — хьоста

говр — дин

зайл — ялг1у

г1ап — ков

тарх — т1улг

чийлик — ведар

дилха — жижиг

хьекъал — иэс

пхьагал — лергяхар

хьал — таро

ц1а — оти

гам — метиг

аьшпаш — пуьташ

йол — буц

сингаттам — г1айг1а

онда — зоьртала

сутара — саьхьара

къиза — буьрса

19.03.2021 00:08

Рекомендуем курсы ПК и ППК для учителей

Х1окху урокехь шуна йовзуьйтур ю синонимаш.
Хьовсур ду вай х1окху предложенешка: 
Муслим Зойрбекан воккхахволу во1 вара.
К1ант дега леррина ладоьг1уш лаьттара.   
Тидамбе билгалдаьхначу дешнийн.
-Алар а, яздар а муха ду оцу дешнийн?
-Тайп-тайпана ду.
-Ткъа маь1на муха ду оцу дешнийн?
-Маь1на цхьатера ду.
Алар а, яздар а тайп-тайпана а долуш, маь1на гергара долчу дешнех СИНОНИМАШ ОЛУ. Масала: 
Жима-къона, к1ант-во1, муш-аса, хан-зама, шовда-хьоста, къулла; юург-кхача, чехка-маса, хаза-исбаьхьа.
Вайн маттахь шортта дешнаш ду синонимаш ю ала мегар долш. Амма уьш меттан юкъахь лело, шен мотт дика хууш а, 1амош а хила деза. 
Вай х1инца хьовсур ду шуьга ялор юй х1окху дешнашна  синонимаш:
Сиха —
Т1еда —
Къена —
Ямартло —
Куьйгалла —
Г1айг1а –
Хьал-
Къинхьегам-
Х1окху дешнашца иштта синонимаш яло мегар ду вай:
Сиха — чехка
Т1еда — т1уьна
Къена — воккха
Ямартло — тешнабехк
Куьйгалла — урхалла
Г1айг1а — бала
Хьал-таро
Къинхьегам- болх
Х1инца кхин цхьа болх бийр бу вай, таханлера тема т1еч1аг1ъеш. Иллин т1ера кийсакаш схьаязъе, буха сиз а хьокхуш, синонимаш билгалъяха. 
Бала беца, ва Сурхо, и эла ва Мусост,
Г1айг1а еца, ва Сурхо, Мусостан и ясакх.
И бара ахь бина хьекъале и хьехам?
Уьш дара хьан дадин кхетаме дешнаш?
Даггара тешаме доттаг1ий хилий вай,
Тешаме накъостий мел хиларх оьшуш бу.
(Нохчийн фольклор)
Кхузахь синонимаш ю: бала- г1айг1а, хьекъале- кхетаме, доттаг1ий-накъостий, х1унда аьлча и дешнаш алар а, яздар а тайпана а долуш, маь1на цхьатера долуш ду.
Вай синонимех лаьцна дийци. Х1ун дешнаш ду синонимаш?
Синонимаш, алар а, яздар а тайп-тайпана а долуш, маь1на гергара долу дешнаш ду. 
Синонимех долу хаарш т1еач1аг1деш,5-чу классан нохчийн меттан учебник т1ера 40-г1а бакъо еша, 193-г1а шардар кхочушде.
Вайн урок чекхъели. 1одика йойла шун!
Урок кечйинарш:
Нагомерзаева Тамара Бадрудиновна
Юсаева Зарина Имрановна

Х1окху урокехь вай дуьйцур ду:  омонимех, синонимех, антонимех лаьцна. И дешнаш, вайн маттахь санна т1еэцна дешнаш ду, оьрсийн маттахь а. Пхоьалг1ачу классехь вай дийцира царех лаьцна. Амма х1инца юха а карладоккхур ду вай муьлха дешнаш ду уьш.

Шуна дагадог1ий х1ун олу?

1. Алар а, яздар а цхьатерра а долуш, маь1на тайп-тайпана долчу  дешнех.

Масала:

Ча: ча лаца, ча гулдан;

Ц1е:  адаман ц1е, кхерчара  ц1е;

Б1аьрг:  коран б1аьрг – адаман б1аьрг;

2. Алар, яздар тайп-тайпана долуш маь1на гергара долчу дешнех х1ун олу?

Масала:

Сирла, къегина, екхна.

Хаза,  исбаьхьа, товш, куьцехь.

Чиркх, къуьда, стогар, лампа.

Доттаг1, накъост

3. Алар, яздар тайп-тайпана долуш, маь1ница дуьхь-дуьхьал (б1останехьа)  долчу дешнех х1ун олу вай?

Къегина – бодане;

Дукха – к1еззиг;

Лекха – лоха;

Мерза – муьста;

Къона – къена;

Омонимаша — вайн меттан дешнийн масех кепара кхетам кхуллу. Масала:

МОТТ

буьйцу мотт

бежанан мотт;

вуьжу мотт;

доьхкаран мотт;                        

Схьаоьцур вай ОВ боху дош:

ОВ:

Ч1ерий лоьцу г1ирс;

Жижиг дотту ч1у;

Лазаран ов;                                         

Ов бохучу дешан кхоъ маь1на ду.

МОХЬ:

Бежанан мохь;

Тухуш болу мохь;                                

Гихь хьуш болу мохь;

Мотт, ов, мохь – масех маь1на долу дешнаш ду.

Синонимаша — вайн мотт хьалдолуш бо, дешнийн хазалла гойту.  

Масала, говр бохучу дешан синонимаш ялор ю вай:  

ГОВР – дин, алаша, 1аспар, айг1ар, эмалк.

Х1етал-метал хоийла шуна – вайн дуьхьа шен коьртах ц1е теснарг? (Чиркх)

Кхин х1ун эр дара вай чиркхах?

Стогар, къуьда, лампа, ч1урам.

Х1етал-метал хаийла шуна — говрал-лекха, ж1аьлел -лоха ерг х1ун ю?

Иза нуьйр ю.

Х1ун эр дара вай лекха, лоха дешнех лаьцна? Х1ара дешнаш антонимаш ю.

Антонимаша вайн меттан исбаьхьалла лакхайоккху, дуьхьлара (б1останехьара) маь1на гойту.

Масалш:

Сирла — кхоьлина, белар – белхар, к1айн – 1аьржа,  шуьйра – готта,  дийнахь – буса, кхиам – эшам, комаьрша – сутара,  каде – текхна.

Т1едиллар №1.

Х1инца вай шун хаарш т1еч1аг1деш болх бийр бу, далош долу дешнаш гайтинчу кепах пайда а оьцуш, дог1уш долчу маь1не дерзо хьовсур ду вай.

Кеп:

Омонимаш — г1ап – тоьпан, кевнан                             

Синонимаш  — сиха-чехка

Антонимаш — хаза-ирча

Х1ара дешнаш, кепе а хьовсуш д1анисде:

Сиха, лекха, г1ап, готта, хьал, шу, таро, ботт, б1аьрг, юткъа, пхьид, шуьйра, лоха, стомма, чехка, г1айг1а, бала, теза, дуьра.

Т1едиллар №2

Вай 1аминарг т1еч1аг1деш, кхин цхьа а т1едиллар кхочушде. Омонимаш  яло еза  х1окху дешнашна:

Куьйра, хьех, не1.

Х1окху дешнашна синонимаш ялаян хьовса:

— Онда дег1 долу стаг — …

— Оза, къена говр — …

— Ма1аш йолу газа — …

— Ма1аш йоцу етт — …

— Шо кхаьчна бож — …

Х1окху дешнашна антонимаш ялае?

Тахана — …  1а — …      Де — …  К1айн — …   Сирла сийна — …  Теза — …      

Мерза -…   Чомехь — …  Дика — …  Комаьрша — …  Жима — …  Еха -…

Стомма — …

Х1окху урокехь вай шуьца карладехира омонимех, синонимех, антонимех долу хаарш, уьш т1е а ч1аг1деш болх бир вай шуьца.  Цул совнаха керла дешнаш а девзира вайна, уьш дагадоуьйтур ду вай:

Ов — ч1ерий лоьцу г1ирс  бу (оьрсийн маттахь — невод);

Ов —  жижиг дотту г1ирс (оьрсийн маттахь — вертел);

Эмалк – куь1ге ца йог1у говр оьрсийн маттахь дикое, неприрученное животное;

1аспар – къена х1ума (оьрсийн маттахь — кляча);

Алаша – йужуж йолу говр (упряжная лошадь);

Кирша — ма1аш йолу газа;

Дирша — ма1аш йоцу етт;

Бошто  — шо кхаьчна бож;

Нохчийн къам мел деха бехийла,  вай къоман оьзда г1иллакхаш, 1адаташ шена чохь долуш, дуьйцуш, хестош болу, вай къоман хьомсара, зевне нохчийн мотт. Хьоме дешархой, ненан маттал хаза а, сийлахь а х1ума, дахаран новкъа т1ехь, мел лехарх, карор дац шуна, цундела школехь, ц1ахь, аренца шаьш лелаш, бийца а буьйцуш, ларам а беш, шайн мотт кхиош, къахьега деза аша х1ора а дийнахь.

Цу т1ехь вай урок ерзор ю, т1ейог1учу урокашкахь шу кхиамаш совбохуш болх бийр бу вай. 1одика йойла шу, марша 1ойла.

Пайдаэцна литература: 
1. В.А. Янгульбаев,  Ж. М. Махмаев  «Нохчийн  мотт-6 класс» Грозный ГУ «Книжное издательство 2011 шо»
2. Эсхаджиев Я. У.  «Юккъерачу школехь нохчийн меттан  орфографи а, пунктуаци а 1амор»   5-11  классашна.  Грозный  Издательство  «Арфа-Пресс»    2012 шо. 
3. Эдилов С.Э.  «Самукъане грамматика»  5-11 классашна.  Соьлжа-г1ала 2012 шо.
4. Эдилов С.Э.  «Нохчийн меттан синтаксисан практикум»   Соьлжа-Г1ала   Издательство  «Арфа-Пресс» 2011 шо.
5. Исмаилов А. «Дош» Соьлжа-г1ала 2005 шо.
6. Халидов А.И. «Нохчийн метта1илманан терминийн луг1ат»/Грозный: «ГУП «Книжное издательство», 2012 шо.
7. Мациев А.Г. «Чеченско-русский словарь» Соьлжа-г1ала ФГУПК «ИПК «Грозненский рабочий» 2010.
8. Карасаев А.Т., Мациев А.Г. «Русско-чеченский словарь» Москва. Издательство «Русс

Адрес публикации: https://www.prodlenka.org/metodicheskie-razrabotki/386941-otkrytyj-urok-na-temu-omonimash-sinonimash-an

image description

disserCat — электронная библиотека диссертаций работаем для вас с 2009 года

  • Корзина пуста

Вход
|
Регистрация

Вы робот?

Мы заметили, что с вашего адреса поступает очень много запросов.

Подтвердите, что вы не робот

Инфоурок


Родной язык

ПрезентацииПрезентация по чеченскому языку на тему «Лексикологех Iамийнарг тIечIагIдар» (5 класс)

Скачать материал

без ожидания

Лексикологех Iамийнарг тIечIагIдар

Скачать материал

без ожидания

  • Сейчас обучается 116 человек из 33 регионов

  • Сейчас обучается 413 человек из 66 регионов

Описание презентации по отдельным слайдам:

  • Лексикологех Iамийнарг тIечIагIдар

    1 слайд

    Лексикологех Iамийнарг тIечIагIдар

  • МаьIна даста хIокху дешнийн цхьаьнакхетарийн: цергех хи долу гIуллакх тишдо...

    2 слайд

    МаьIна даста хIокху дешнийн цхьаьнакхетарийн:
    цергех хи долу
    гIуллакх тишдо
    багахь мотт бац
    кхетамна аьрта ву

  • Цергех хи долу (йезало),гIуллакх тишдо (гIуллакх галдоккху), багахь мотт ба...

    3 слайд

    Цергех хи долу (йезало),
    гIуллакх тишдо (гIуллакх галдоккху),
    багахь мотт бац (хIуманна пайденна вац),
    кхетамна аьрта ву (хьекъал доцуш ву)

  • Кицанашкара схьайазйе антонимашЛадогIар - хьекъал, дукха лер – сонталла.Сих...

    4 слайд

    Кицанашкара схьайазйе антонимаш
    ЛадогIар — хьекъал, дукха лер – сонталла.
    Сихалло са диъна, собаро лам биъна.
    ТIаьхьа вон доцуш дика а, тIаьхьа дика доцуш вуон а хилла дац.
    Хазалла — сарралц , дикалла- валлалц.

  • Шиъ йа цул сов маь1на долу дешнаш схьайазде:ча, ло, керт, хи, мотт, кор, бIа...

    5 слайд

    Шиъ йа цул сов маь1на долу дешнаш схьайазде:
    ча, ло, керт, хи, мотт, кор, бIаьрг, цIе, тIам, неI, малх.

  • Шиъ йа цул сов маь1на долу дешнаш схьайазде:ча, ло, мотт, бIаьрг, цIе, тIам,...

    6 слайд

    Шиъ йа цул сов маь1на долу дешнаш схьайазде:
    ча, ло, мотт, бIаьрг, цIе, тIам, неI

  • Лахахь билгалйаьхна синонимаш шайн-шайн тобанашка дIайазйе:хаза, говр, воI,...

    7 слайд

    Лахахь билгалйаьхна синонимаш шайн-шайн тобанашка дIайазйе:
    хаза, говр, воI, алаша,чиркх, къега, кIант, лепа, исбаьхьа, стогар.

  • Хаза- исбаьхьа говр - алашавоI- кIантчиркх-стогаркъега-лепа

    8 слайд

    Хаза- исбаьхьа
    говр — алаша
    воI- кIант
    чиркх-стогар
    къега-лепа

  • Шардар 208-г1а –синонимаш йалайе х1окху дешнашна:Онда дегI долу стаг-Оза ,к...

    9 слайд

    Шардар 208-г1а –синонимаш йалайе х1окху дешнашна:
    Онда дегI долу стаг-
    Оза ,къена говр-
    МаIаш йоцу газа-
    МаIаш йоцу йетт-
    ЦIен-къорза йетт-
    Шо кхачаза болу Iахар-

  • Шардар 208-г1а –синонимаш йалайе х1окху дешнашна:Онда дегI долу стаг- зоьрта...

    10 слайд

    Шардар 208-г1а –синонимаш йалайе х1окху дешнашна:
    Онда дегI долу стаг- зоьртала
    Оза ,къена говр- Iаспар
    МаIаш йоцу газа- кирша
    МаIаш йоцу йетт-дирша
    ЦIен-къорза йетт- торгIал
    Шо кхачаза болу Iахар – цIинто

  • Тахана урокехь оха карладаьккхи…
2. Антонимаш – иза …
3. Синонимаш- иза…
4....

    12 слайд

    Тахана урокехь оха карладаьккхи…
    2. Антонимаш – иза …
    3. Синонимаш- иза…
    4. Омонимаш- иза…
    5. Фразеологизмаш олу…
    6. Синонимаш, омонимаш оьшу…
    Урокан жамI:

Найдите материал к любому уроку, указав свой предмет (категорию), класс, учебник и тему:

6 238 098 материалов в базе

  • Выберите категорию:

  • Выберите учебник и тему

  • Выберите класс:

  • Тип материала:

    • Все материалы

    • Статьи

    • Научные работы

    • Видеоуроки

    • Презентации

    • Конспекты

    • Тесты

    • Рабочие программы

    • Другие методич. материалы

Найти материалы

Материал подходит для УМК

  • «Нохчийн мотт (Чеченский язык) (на чеченском языке)», Овхадов М.Р., Махмаев Ж.М., Абдулкадырова Р.А.

Другие материалы

«Татарский язык (Татар теле)  учебник для образовательных организаций с обучением на русском языке,  для изучающих татарский язык как родной (на русском и татарском языках) (в 2 частях)», Хайдарова Р.З., Ахметзянова Г.М., Гиниятуллина Л.А.

Рейтинг:
5 из 5

  • 19.03.2022
  • 720
  • 43

«Татар теле (Татарский язык ) (для обучающихся на русском языке, изучающих татарский язык как родной)», Фатхуллова К.С.

4 нче сыйныф «Бүген нәрсә пешерәбез?» темасы өстендә эш .

  • Учебник: «Татарский язык (Татар теле) учебник для образовательных организаций с обучением на русском языке, для изучающих татарский язык как родной (на русском и татарском языках) (в 2 частях)», Хайдарова Р.З., Ахметзянова Г.М., Гиниятуллина Л.А.
  • 19.03.2022
  • 174
  • 0

«Татарский язык (Татар теле)  учебник для образовательных организаций с обучением на русском языке,  для изучающих татарский язык как родной (на русском и татарском языках) (в 2 частях)», Хайдарова Р.З., Ахметзянова Г.М., Гиниятуллина Л.А.

  • 19.03.2022
  • 108
  • 0
  • 18.03.2022
  • 168
  • 1
  • 18.03.2022
  • 57
  • 1
  • 18.03.2022
  • 668
  • 12
  • 18.03.2022
  • 256
  • 1

Вам будут интересны эти курсы:

  • Курс повышения квалификации «Основы туризма и гостеприимства»

  • Курс повышения квалификации «Организация научно-исследовательской работы студентов в соответствии с требованиями ФГОС»

  • Курс повышения квалификации «Организация практики студентов в соответствии с требованиями ФГОС педагогических направлений подготовки»

  • Курс повышения квалификации «Организация практики студентов в соответствии с требованиями ФГОС юридических направлений подготовки»

  • Курс профессиональной переподготовки «Организация менеджмента в туризме»

  • Курс повышения квалификации «Финансы: управление структурой капитала»

  • Курс повышения квалификации «Источники финансов»

  • Курс профессиональной переподготовки «Метрология, стандартизация и сертификация»

  • Курс профессиональной переподготовки «Теория и методика музейного дела и охраны исторических памятников»

  • Курс профессиональной переподготовки «Организация процесса страхования (перестрахования)»

  • Курс профессиональной переподготовки «Организация и управление процессом по предоставлению услуг по кредитному брокериджу»

  • Курс профессиональной переподготовки «Управление качеством»

  • Скачать материал (медленно)

    Настоящий материал опубликован пользователем Исраилова Луиза Абдул-Галимовна. Инфоурок является
    информационным посредником и предоставляет пользователям возможность размещать на сайте
    методические материалы. Всю ответственность за опубликованные материалы, содержащиеся в них
    сведения, а также за соблюдение авторских прав несут пользователи, загрузившие материал на сайт

    Если Вы считаете, что материал нарушает авторские права либо по каким-то другим причинам должен быть удален с
    сайта, Вы можете оставить жалобу на материал.

    Удалить материал

  • Исраилова Луиза Абдул-Галимовна

    • На сайте: 5 лет
    • Подписчики: 52
    • Всего просмотров: 83931
    • Всего материалов:

      37

Понравилась статья? Поделить с друзьями:
  • Синонимы на удмуртском языке
  • Синонимы на турецком языке
  • Синонимы на тему спорт
  • Синонимы на тему снег
  • Синонимы на тему любовь