Синоним нохчийн мотт

Х1окху урокехь вай дуьйцур ду:  омонимех, синонимех, антонимех лаьцна. И дешнаш, вайн маттахь санна т1еэцна дешнаш ду, оьрсийн маттахь а. Пхоьалг1ачу классехь вай дийцира царех лаьцна. Амма х1инца юха а карладоккхур ду вай муьлха дешнаш ду уьш.

Шуна дагадог1ий х1ун олу?

1. Алар а, яздар а цхьатерра а долуш, маь1на тайп-тайпана долчу  дешнех.

Масала:

Ча: ча лаца, ча гулдан;

Ц1е:  адаман ц1е, кхерчара  ц1е;

Б1аьрг:  коран б1аьрг – адаман б1аьрг;

2. Алар, яздар тайп-тайпана долуш маь1на гергара долчу дешнех х1ун олу?

Масала:

Сирла, къегина, екхна.

Хаза,  исбаьхьа, товш, куьцехь.

Чиркх, къуьда, стогар, лампа.

Доттаг1, накъост

3. Алар, яздар тайп-тайпана долуш, маь1ница дуьхь-дуьхьал (б1останехьа)  долчу дешнех х1ун олу вай?

Къегина – бодане;

Дукха – к1еззиг;

Лекха – лоха;

Мерза – муьста;

Къона – къена;

Омонимаша — вайн меттан дешнийн масех кепара кхетам кхуллу. Масала:

МОТТ

буьйцу мотт

бежанан мотт;

вуьжу мотт;

доьхкаран мотт;                        

Схьаоьцур вай ОВ боху дош:

ОВ:

Ч1ерий лоьцу г1ирс;

Жижиг дотту ч1у;

Лазаран ов;                                         

Ов бохучу дешан кхоъ маь1на ду.

МОХЬ:

Бежанан мохь;

Тухуш болу мохь;                                

Гихь хьуш болу мохь;

Мотт, ов, мохь – масех маь1на долу дешнаш ду.

Синонимаша — вайн мотт хьалдолуш бо, дешнийн хазалла гойту.  

Масала, говр бохучу дешан синонимаш ялор ю вай:  

ГОВР – дин, алаша, 1аспар, айг1ар, эмалк.

Х1етал-метал хоийла шуна – вайн дуьхьа шен коьртах ц1е теснарг? (Чиркх)

Кхин х1ун эр дара вай чиркхах?

Стогар, къуьда, лампа, ч1урам.

Х1етал-метал хаийла шуна — говрал-лекха, ж1аьлел -лоха ерг х1ун ю?

Иза нуьйр ю.

Х1ун эр дара вай лекха, лоха дешнех лаьцна? Х1ара дешнаш антонимаш ю.

Антонимаша вайн меттан исбаьхьалла лакхайоккху, дуьхьлара (б1останехьара) маь1на гойту.

Масалш:

Сирла — кхоьлина, белар – белхар, к1айн – 1аьржа,  шуьйра – готта,  дийнахь – буса, кхиам – эшам, комаьрша – сутара,  каде – текхна.

Т1едиллар №1.

Х1инца вай шун хаарш т1еч1аг1деш болх бийр бу, далош долу дешнаш гайтинчу кепах пайда а оьцуш, дог1уш долчу маь1не дерзо хьовсур ду вай.

Кеп:

Омонимаш — г1ап – тоьпан, кевнан                             

Синонимаш  — сиха-чехка

Антонимаш — хаза-ирча

Х1ара дешнаш, кепе а хьовсуш д1анисде:

Сиха, лекха, г1ап, готта, хьал, шу, таро, ботт, б1аьрг, юткъа, пхьид, шуьйра, лоха, стомма, чехка, г1айг1а, бала, теза, дуьра.

Т1едиллар №2

Вай 1аминарг т1еч1аг1деш, кхин цхьа а т1едиллар кхочушде. Омонимаш  яло еза  х1окху дешнашна:

Куьйра, хьех, не1.

Х1окху дешнашна синонимаш ялаян хьовса:

— Онда дег1 долу стаг — …

— Оза, къена говр — …

— Ма1аш йолу газа — …

— Ма1аш йоцу етт — …

— Шо кхаьчна бож — …

Х1окху дешнашна антонимаш ялае?

Тахана — …  1а — …      Де — …  К1айн — …   Сирла сийна — …  Теза — …      

Мерза -…   Чомехь — …  Дика — …  Комаьрша — …  Жима — …  Еха -…

Стомма — …

Х1окху урокехь вай шуьца карладехира омонимех, синонимех, антонимех долу хаарш, уьш т1е а ч1аг1деш болх бир вай шуьца.  Цул совнаха керла дешнаш а девзира вайна, уьш дагадоуьйтур ду вай:

Ов — ч1ерий лоьцу г1ирс  бу (оьрсийн маттахь — невод);

Ов —  жижиг дотту г1ирс (оьрсийн маттахь — вертел);

Эмалк – куь1ге ца йог1у говр оьрсийн маттахь дикое, неприрученное животное;

1аспар – къена х1ума (оьрсийн маттахь — кляча);

Алаша – йужуж йолу говр (упряжная лошадь);

Кирша — ма1аш йолу газа;

Дирша — ма1аш йоцу етт;

Бошто  — шо кхаьчна бож;

Нохчийн къам мел деха бехийла,  вай къоман оьзда г1иллакхаш, 1адаташ шена чохь долуш, дуьйцуш, хестош болу, вай къоман хьомсара, зевне нохчийн мотт. Хьоме дешархой, ненан маттал хаза а, сийлахь а х1ума, дахаран новкъа т1ехь, мел лехарх, карор дац шуна, цундела школехь, ц1ахь, аренца шаьш лелаш, бийца а буьйцуш, ларам а беш, шайн мотт кхиош, къахьега деза аша х1ора а дийнахь.

Цу т1ехь вай урок ерзор ю, т1ейог1учу урокашкахь шу кхиамаш совбохуш болх бийр бу вай. 1одика йойла шу, марша 1ойла.

Пайдаэцна литература: 
1. В.А. Янгульбаев,  Ж. М. Махмаев  «Нохчийн  мотт-6 класс» Грозный ГУ «Книжное издательство 2011 шо»
2. Эсхаджиев Я. У.  «Юккъерачу школехь нохчийн меттан  орфографи а, пунктуаци а 1амор»   5-11  классашна.  Грозный  Издательство  «Арфа-Пресс»    2012 шо. 
3. Эдилов С.Э.  «Самукъане грамматика»  5-11 классашна.  Соьлжа-г1ала 2012 шо.
4. Эдилов С.Э.  «Нохчийн меттан синтаксисан практикум»   Соьлжа-Г1ала   Издательство  «Арфа-Пресс» 2011 шо.
5. Исмаилов А. «Дош» Соьлжа-г1ала 2005 шо.
6. Халидов А.И. «Нохчийн метта1илманан терминийн луг1ат»/Грозный: «ГУП «Книжное издательство», 2012 шо.
7. Мациев А.Г. «Чеченско-русский словарь» Соьлжа-г1ала ФГУПК «ИПК «Грозненский рабочий» 2010.
8. Карасаев А.Т., Мациев А.Г. «Русско-чеченский словарь» Москва. Издательство «Русс

Адрес публикации: https://www.prodlenka.org/metodicheskie-razrabotki/386941-otkrytyj-urok-na-temu-omonimash-sinonimash-an

Х1окху урокехь шуна йовзуьйтур ю синонимаш.
Хьовсур ду вай х1окху предложенешка: 
Муслим Зойрбекан воккхахволу во1 вара.
К1ант дега леррина ладоьг1уш лаьттара.   
Тидамбе билгалдаьхначу дешнийн.
-Алар а, яздар а муха ду оцу дешнийн?
-Тайп-тайпана ду.
-Ткъа маь1на муха ду оцу дешнийн?
-Маь1на цхьатера ду.
Алар а, яздар а тайп-тайпана а долуш, маь1на гергара долчу дешнех СИНОНИМАШ ОЛУ. Масала: 
Жима-къона, к1ант-во1, муш-аса, хан-зама, шовда-хьоста, къулла; юург-кхача, чехка-маса, хаза-исбаьхьа.
Вайн маттахь шортта дешнаш ду синонимаш ю ала мегар долш. Амма уьш меттан юкъахь лело, шен мотт дика хууш а, 1амош а хила деза. 
Вай х1инца хьовсур ду шуьга ялор юй х1окху дешнашна  синонимаш:
Сиха —
Т1еда —
Къена —
Ямартло —
Куьйгалла —
Г1айг1а –
Хьал-
Къинхьегам-
Х1окху дешнашца иштта синонимаш яло мегар ду вай:
Сиха — чехка
Т1еда — т1уьна
Къена — воккха
Ямартло — тешнабехк
Куьйгалла — урхалла
Г1айг1а — бала
Хьал-таро
Къинхьегам- болх
Х1инца кхин цхьа болх бийр бу вай, таханлера тема т1еч1аг1ъеш. Иллин т1ера кийсакаш схьаязъе, буха сиз а хьокхуш, синонимаш билгалъяха. 
Бала беца, ва Сурхо, и эла ва Мусост,
Г1айг1а еца, ва Сурхо, Мусостан и ясакх.
И бара ахь бина хьекъале и хьехам?
Уьш дара хьан дадин кхетаме дешнаш?
Даггара тешаме доттаг1ий хилий вай,
Тешаме накъостий мел хиларх оьшуш бу.
(Нохчийн фольклор)
Кхузахь синонимаш ю: бала- г1айг1а, хьекъале- кхетаме, доттаг1ий-накъостий, х1унда аьлча и дешнаш алар а, яздар а тайпана а долуш, маь1на цхьатера долуш ду.
Вай синонимех лаьцна дийци. Х1ун дешнаш ду синонимаш?
Синонимаш, алар а, яздар а тайп-тайпана а долуш, маь1на гергара долу дешнаш ду. 
Синонимех долу хаарш т1еач1аг1деш,5-чу классан нохчийн меттан учебник т1ера 40-г1а бакъо еша, 193-г1а шардар кхочушде.
Вайн урок чекхъели. 1одика йойла шун!
Урок кечйинарш:
Нагомерзаева Тамара Бадрудиновна
Юсаева Зарина Имрановна

Нохчийн мотт 10 класс

Урокан ц1е: Омонимаш, синонимаш, антонимаш.

Урокан тайпа: Хаарех пайдаэцар.

Урокан 1алашо:

  1. дешан лексически маь1на хаар, дешнийн хазна стенах олу хаар;

  2. омонимех, синонимех, антонимех 1амийнарг карладаккхар, т1еч1аг1дар;

  3. Даймахке болу безам, марзо кхиор.

Урок д1ахьар

  1. Дешархойн белхан кеп д1ах1оттор.

  • Маршалла хаттар.

  • Урокан оьшу г1ирс кечбар.

  • Ойла т1еерзор.

  1. Хаарийн актуализаци.

Хаттаршна жоьпаш ло:

  • Стенах олу лексика? (меттан дерриг а дешнех лексика олу);

  • Лексикологи стенах олу? (меттан дешнаш 1амочу меттан 1илманан декъах лексикологи олу);

  • Схьадийца лексикологин дакъош. (семасиологи (семантика), фразеологи, диалектологи, лексикографи, этимологи);

  • Лексикографи стенах олу? (дошамаш х1иттор 1амочу лексикологин декъах);

  • Семасиологи я семантика стенах олу? (дешнийн тайпанаш, церан маь1наш 1амочу лексикологин декъах – омонимаш, синонимаш, антонимаш, истооризмаш, архаизмаш, неологизмаш, и. д1. кх. а.).

  1. Керланиг довзийтар.

Меттан дерриге дешнех лексика олу. Нохчийн меттан дешнаш дукха ду, уьш мел ду вайга алалур дац.

Х1ора дош шен маь1на долуш ду. Масала: Т1ом – оцу дешан ц1е яьккхича вайна хьалха х1утту тоьпаш, бомбанаш етташ, адамаш х1аллакдар, г1ишлош йохор. Иза оцу дешан лексически маь1на ду.

Цуьнца цхьаьна дешан грамматически маь1на а ду: ц1ердош, цхьал. терахь, ц1ерниг дожар ду.

Лексика керла х1уманаш юкъайовларца кхуьуш ю. Цхьайолу х1уманаш дахарера д1айовлу, уьш билгалъян дешнаш ширло. Керла х1уманаш юкъайовларца керлат дешнаш а юкъадовлй. Иштта хийцалуш, кхуьуш ю лексика.

Вайн маттахь кхечу меттанашкара т1еэцна дешнаш а ду.

Алар а, яздар а цхьатера а долуш, маь1на тайп-тайпана долчу дешнех омонимаш олу.

  • Лерг – адаман а хуьлу,

  • Лерг – пондаран а хуьлу;

  • Мохь – юуш ерг,

  • Мохь – гихь болу мохь;

  • Не1 – ц1ийнан не1,

  • Не1 – аьттан не1.

Алар а, яздар а тайп-тайпана а долуш, маь1на гергара долчу дешнех синонимаш олу.

  • Хаза – исбаьхьа

  • Хьекъал – кхетам

  • Доттаг1 – накъост

  • Эвла – юрт

Мь1ница дуьхь-дуьхьал долчу дешнех антонимаш олу

  • Жима – воккха

  • Шийла – йовха

  • Екъа – т1еда

  • Еха – йоца

  • Хаза – ирча

  1. 1амийнарг т1еч1аг1дар.

  1. § 3 дешархошка йоьшуьйту.

  2. Кхочушдо 5-г1а шардар.

  1. Ц1ахь бан болх.

  1. 3-г1а бакъо еша, 1амае.

  2. 6-г1а шардар кхочушде.

  1. Рефлекси.

Антонимаш

К1еда

Ч1ог1а

Т1еда

Екъа

Къена

Къона

Антонимаш

Сиха

Меллаша

Буьйса

Де

Дог1а

Омонимаш

Хьайба

Мотт

Синонимаш

Говр – алаша – гила — дин

Н1аьна – борг1ал

Шовда — хьоста

Докъар – йол — цана

Ахьар – сискалг1а

Бепиг — кхаллар

Кхор — хьормат

Г1аммаг1а — шаптал

Значение слова нохчийн мотт

  • Определения слова нохчийн мотт

    • чеченский язык.
      • Нохчийн мотт хала а, амма хаза а бу.
      • Аса нохчийн маттахь книга йоьшу.

Синонимы к слову нохчийн мотт

    • нохчийн

Гиперонимы к слову нохчийн мотт

    • мотт

Посмотрите другие слова

    • Что такое алце шире
    • Определение термина алце пе
    • Толкование слова гетерограмма
    • Что означает понятие покупание
    • Лексическое значение ронго-ронго
    • Словарь значения слов интролигатор
    • Грамматическое значение адорировать
    • Значение слова убивать время
    • Прямое и переносное значение слова фонетизация
    • Происхождение слова по-чёрному
    • Синоним к слову фигулина
    • Антоним к слову заебенить
    • Омоним к слову всю дорогу
    • Гипоним к слову остранение
    • Холоним к слову машино-место
    • Гипероним к слову пауль
    • Пословицы и поговорки к слову насиживать
    • Перевод слова на другие языки новины

Поделитесь с коллегами:

Нохчийн меттан интернет-урок 10-г1а класс

Лексикологин маь1на. Омонимаш, синонимаш, антонимаш.

Маршалла хаттар. Урокан дарс д1аалар.

Марша дог1ийла шу, хьомсара дешархой! Д1айолор ю вешан рог1ера урок. Вайх Дала бина къинхетам бу, тахана эвххьаза, дуьззина шен ненан маттах ала дош хилар, ненан маттах долу дош ала йиш хилар.

«Хьайн ненан мотт хаахь,

Ас дозалла до хьох,

Даггара и безахь,

Ас хастам бо хьуна.

Цунах ма херлолахь,

Доттаг1а, варийлахь,

Ненан мотт хьайн бацахь,

Байлахь вуй хаалахь!»

Билал Саидов.

Вай байлахь дац, вай дозалла дан ненан мотт бу, и дебош цу т1ехь болх беш меттан 1илманчаш бу, меттан хазалла, исбаьхьалла вайна йовзуьйтуш, шайн говзаршца, яздархой бу. Коьртаниг, и бовза, бийца лаам хилар ду..Со тешна ю, вай цу тобанах хиларх.

___________________________

Вайн урокан тема ю: Лексикологин маь1на. Омонимаш, синонимаш, антонимаш.

Хьалха д1аяханчу урокашкахь 1амийнарг карладоккхур дувай. Омонимех, синонимех, антонимех лаьцна юьхьаьнцара кхетам вай болуш бу. Цо вайна г1о дийр ду лексикологин маь1на довза.

I. Карладаккхарна хаттарш:

1.Стенах олу лексика?

2. Омонимаш стенах олу?

3. Синонимаш стенах олу?

4. Антонимаш стенах олу?

1.Стенах олу лексика?

Меттан дерриге а дешнех лексика олу. Масала: коч, мотт, йовлакх, к1ади, лерг, лам, ов, нехча, ц1е, ча, раг1у, бепиг.

2. Омонимаш стенах олу?

1. Алар а, яздар а цхьаъ а долуш, тайп-тайпана маь1наш долчу дешнех омонимаш олу. Масала: не1 (ду)-бежанан ц1ока; некъ (ю)-чу-ара вала оьшуш йолу.

3. Синонимаш стенах олу?

Алар а, яздар а тайп-тайпана долуш, гергара маь1наш долчу дешнех синонимаш олу. Масала: йол, буц, докъар, цана; шовда, хьоста, к1улла.

4. Антонимаш стенах олу?

Б1останехьа (дуьхьал) маь1наш долчу дешнех антонимаш олу. Масала: лекха-лоха; тиша-керла; лакхахь-лахахь.

________________________________________

2.Керла тема йовзийтар

1. Меттан дешнаш (лексика)1амочу меттан 1илманан декъах лексикологи олу. Лексикологин дакъош ду: 1) семасиологи (семантика), 2) фразеологи, 3) диалектологи, 4) лексикографи, 5) этимологи.

Дешнийн тайпанаш, церан маь1наш 1амочу лексикологин декъах семасиологи (я семантика) олу. Семасиологехь 1амайо омонимаш, синонимаш, антонимаш, архаизмаш, неологизмаш, историзмаш, деалектизмаш, терминаш и.д1.кх.а

Синонимийн тайпанаш вуно дукха ду. Вай царех цхьадолу тайпанаш билгалдохур ду:

  1. маь1нийн синонимаш,

  2. юьззина синонимаш,

  3. фразеологически синонимаш,

  4. стилистически синонимаш,

  5. морфологически синонимаш,

  6. синтаксически синонимаш,

  7. текстови синонимаш,

  8. лексически синонимаш,

  9. грамматически синонимаш.

________________________________________

1. Маь1нийн башхаллашца къесточу синонимех маь1нийн синонимаш олу. Масала: говр, дин, кхел, алаша.

2.Маь1ница цхьа тайпа башхо йоцуш нислучу синонимехь юьззина синонимаш олу. Масала: кхаллар, бепиг; лингвист, языковед.

3.Шех фразеологически цхьанакхетар хуьлучу синонимех фразеологически синонимаш олу. Масала: куьйгаш т1ехь лелаво (дика лелаво, дика кхобу).

4.Стилистически суртх1отторца къесточу синонимех стилистически синонимаш олу: Масала: оба, барт; бат, муц1ар.

5.Морфологически билгалонашца къесточу синонимех морфологически синонимаш олу. Масала: 1илманча, 1илманхо; белхахо, белхало.

6.Предложенин меженийн синтаксически билгалонашца къесточу синонимех синтаксически синонимаш олу. Масала: екхна (сказуеми)-малх хьаьжна(подлежащи, сказуеми шиъ цхьаьна нисло).

7.Морфологически а, синтаксически а синонимех грамматически синонимаш олу: и ший тайпа юкъалоцу.

8.Текстехь нислучу синонимех текстови синонимаш олу. Масала: Эсхаджиев Якъуб 1илманан кхеташонехь вара. Иза меттан 1илманча ву.

9.Маь1нашца а, стилистически суртх1отторца а къесточу синонимех лексически синонимаш олу.

_____________________________________________

Дошамаш х1иттор 1амочу лексикологин декъах лексикографи олу. Нохчийн меттан дешнийн хазна дахарехь а, юкъараллехь халкъо а, литературехь, 1илманехь вайн дошамаша а ларъеш ю.

Дошам — (словарь)-меттан дешнаш, дешнийн хазна т1ехь йолу жайна ду. Масала: 1942-чу шарахь арахецна 8000 дош т1ехь долу Хь,Г.Гугиевн «Орфографически словарь». 1961-чу шарахь, 20000 дош т1ехь долуш арахецна А.Г.Мациевн «Нохчийн-оьрсийн словарь». 1978-чу шарахь, 40000 дош т1ехь долуш, арахецна А.Г.Мациевн, А.Т.Карасаевн «Оьрсийн-нохчийн словарь». 1975-чу шарахь арахецна 10000 дош т1ехь долу И.Ю.Алироевн «Вайнехан меттанийн, диалектийн шакъаьстинчу дакъойн лексикан дустаран-дуьхьалх1отторан дошам». Дошамаш кхин а ю, царех лаьцна вай т1аьхо дуьйцур ду.

__________________________

2. Х1инца вай дуьйцур ду дешнийн маь1нех лаьцна.

Дешнаш цхьа маь1на дерш хуьлу, дукха маь1на дерш хуьлу. Масала: лам, кад, бел-цхьа маь1на бен дац оцу дешнийн; 1) мотт-буьйцу мотт, 2) багара мотт, 3) х1ургонан (ворданан) мотт, 4) доьхкаран мотт, 5) хьийзачу д1аьндарго лоцу мотт, 6) мачин мотт, 7) д1авуьжу мотт.

3.1амийнарг т1еч1аг1дар

1. Д1аязде дешнаш, шина б1ог1аме декъа. (Цхьа маь1на дерш, масех маь1на дерш)

Лам, нехча, раг1у, бепиг, ц1е, ча, хьех, м1ара, мотт, лерг, ов, коч, йовлакх, к1ади, кад.

Цхьа маь1на дерш: коч, йовлакх, к1ади, лам, нехча, раг1у, кад, бепиг;

масех маь1на дерш: мотт, лерг, ов, ц1е, ча, хьех, м1ара.

2.Масех маь1на долчу дешнийн маь1на даста. (барта-устно)

Мотт-(буьйцу мотт, вуьжу мотт, мачин мотт, багара мотт, доьхкаран мотт)

Хьех-(диттан тайпа, акха газа, бердах яьккхина хьех)

Лерг-(коьрта меже, мангалан г1олан лерг)

Ц1е-(кхерчар ц1е, стеган ц1е)

Ча-(акхаро, к1а хьаькхча дуьсу ча)- ишттачу дешнех масех маь1на долу дешнаш олу.

___________________________________

  1. Синонимаш даладе х1окху дешнашна:

Онда дег1 долу стаг —

Оза, къена говр —

Ц1ен-къорза етт —

Ма1аш йоцу етт —

Ма1аш йолу газа —

Кийра боьссина бала —

Къинхетам боцу стаг —

Онда дег1 долу стаг-( зоьртала)

Оза, къена говр- (1аспар)

Ц1ен-къорза етт-( тарг1ал)

Ма1аш йоцу етт-( дирша)

Ма1аш йолу газа-(кирша)

Кийра боьссина бала-( сингаттам, г1айг1а)

Къинхетам боцу стаг-(къиза, буьрса, дера)

_________________________________________________

Алар, яздар къаьсташ ду,

Цхьана маь1нехь хуьлуш ду.

Мотт хазбан, и куьце бало

Оьшуш ду уьш юкъадало

(Синонимаш)

————————————————————-

  1. Антонимаш даладе х1окху дешнашна: атаг1и, бертахь, гамо, дахар, каде .

Атаг1и (низина)-акъари (возвышенность)

Бертахь (согласно)-бертаза (насильно)

Гамо (вражда)-безам (любовь)

Дахар (жизнь)-1ожалла (смерть)

Каде (ловкий)-партал ( неуклюжий)

Вайн и дешнаш яздо, доьшу-

Къамелехь уьш ч1ог1а оьшу

Дуьхь-дуьхьал ду церан маь1наш.

Х1ун дешнаш ду дуьйцурш т1аккха?

(Антонимаш)

5.Даста х1окху дешнийн маь1на: не1, н1аьна, дин.

Не1 (ю)-чу-ара вала оьшуш йолу, чохь 1ачу ц1енна х1оттийнарг;

Н1аьна (ю)-борг1ал (петух), н1аьна (бу)-к1едачу лаьтта юкъахь бехаш а, ч1ерий дохучу м1ера т1е тосуш а йолу сагалмат; дин (бу)-т1ехуу говр, дин (ду)- Дела цхьаъ веш, пайхамар (Д.с-м.х.ц.) бакъ веш долу бусалба дин (ислам).

Алар, яздар цхьаъ долуш,

Маь1нашца ду къаьсташ уьш.

Иштта дешнаш даладахь,

Дуьйцурш хир -(Омонимаш)

__________________________________________________________

Вай х1инца къемел кхиош, кхета хала долчу дешнийн маь1наш къестош, цадевзарг довзуьйтуш, д1аяздийр ду.

Аркхо, бокказ, гоьза, гоьмукъ, динбухка, долма, жовх1ар, кхезг, туьдург, тутмакх -девзий вайна х1окху дешнийн маь1наш.

Иштта хир ду церан маь1наш:

Аркхо-шнур для привешивания свадебной занавески, за которой стоит невеста; бокказ-кожа;

гоьза-коновязь; гоьмукъ-копье; динбухка-ключица; долма-голубцы; жовх1ар-жемчуг; кхезг-очаг; туьдург-толкователь; тутмакх-арестант, заключенный (человек, находящийся под стражей).

————

Х1окху урокехь вай шуьца дийцира лексикологин маь1нех лаьцна, карладехира омонимех, синонимех, антонимех лаьцна долу хаарш.

Х1инца вай билгалбоккхур бу ц1ахь бан болх.

Муьлхачу маттера даьхкина нохчийн матте х1ара дешнаш: баркалла, беркат, 1аламат, ирс, х1аваъ, нигат, пекъар, хабар, верас, хас, зулам, къилба, жоп, пайда, дуьне, масла1ат, тайпа, дов.

Х1ара дешнаш 1аьрбойн маттера схьаэцна лоруш ду, масала: баркалла-баракааллах1; беркат-баркатун; 1алаьмун-1аламат; ирс-ирс; х1аваун-х1аваъ; нийятун-нигат; факъир-пекъар; хабарун-хабар; варизун-верас; хаасун-хас; зулмун-зулам; къиблатун-къилба; джавабун-жоп; файдатун-пайда; и.д1.кх.а.

Муьлххачу а къамнийн меттанаш а ду кхечу къаьмнийн меттанашкара дешнаш т1еоьцуш кхолладелла. Коьртаниг шен бу аьлла, Дала шена схьабелла шен ненан мотт кхиор, дешнийн эвсаралла совъяккхар т1ехь къахьегар ду.

Ненан мотт кхио а, цуьнан сий-пусар дан а, дайх дисина оьзда г1иллакхаш лардан а Дала хьекъал а, хьуьнар а, могашалла а лойла вайна.

Пайдаэцна литература:

1.Джамалханов З.Д., Вагвпова Т.М., Эсхаджиев Я.У. «Нохчийн мотт-8-9 класс» Грозный ФГУП «ИПК «Грозненский рабочий», 2013 шо

2. Джамалханов З.Д., Мачигов М.Ю. «Нохчийн мотт» педучилищан 1-2-чуй курсийн студенташна учебник. Грозный, Нохч-Г1алг1айн книжни издательство, 1985 шо.

3. Джамалханов З.Д. «7-чу классехь нохчийн меттан синтаксис хьехар» Грозный, Нохч-Г1алг1айн книжни издательство, 1982 шо.

4. Эсхаджиев Я.У. «4-8-чуй классашкахь нохчийн мотт хьехаран методика» Грозный, Нохч-Г1алг1айн книжни издательство, 1987 шо. 5. Эдилов С.Э. «Самукъане грамматика» 5-11 классашна. Соьлжа-Г1ала 2012 шо.

6. Эдилов С.Э. « Нохчийн меттан синтаксисан практикум». Соьлжа-Г1ала Издательство «Альфа-Пресс», 2011 шо.

7. Исмаилов А. «Дош» Соьлжа-г1ала, 2005 шо.

8. Ирсаханов И. «Х1инцалера нохчийн мотт» Нохч-Г1алг1айн книжни издательство, 1965 шо.

Понравилась статья? Поделить с друзьями:
  • Синоним носят устойчивый характер
  • Синоним нормальный разговор
  • Синоним ностальгия по молодости
  • Синоним нормальный обычный
  • Синоним носонебной кисты